Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Царств
Параллельные места
Шаулна хезира, Дауд а, цуьнца болу нах а гучубевлла аьлла. Иза цу хенахь ГебаІ-гІалахь цхьана лам тІехь тамариск цІе йолу дитта кІелахь Іаш вара. Шаулан карахь гоьмукъ бара, цунна гонахьа бевлла цуьнан накъостий а бара. Уьш боьлхуш, тийжаш, малх чубуззалц яа хІума ца юуш Іийра, Шаул а, цуьнан кІант ЯхІуната а, Везачу Элан халкъ долу дерриг Исраилан цІа а бахьана долуш, уьш мостагІийн туьро хІаллакбина дела. Дауда, ваха а вахана, ГалІадан Явешера бахархошкара Шаулан а, цуьнан кІентан ЯхІунатин а даьІахкаш схьаийцира. (Цара уьш Байт-Шанарчу майданара къайлаха схьаэцна хилла, Шаул а, цуьнан кІант ЯхІуната а, пІелаштамхоша ГилбаІахь вен а вийна, ирхъоьхкинчуьра.) Цигара Шаулан а, цуьнан кІентан ЯхІунатин а даьІахкаш, схьа а гулйина, схьаяийтира Дауда. Иштта ирхъоьллина хиллачу ворххІе а стеган даьІахкаш а схьагулъяйтира цо. Шаулан а, цуьнан кІентан ЯхІунатин а даьІахкаш дІайоьхкира бен-яманхойн лаьтта тІехь йолчу ЦелаІ-гІаларчу Шаулан ден Къушин къуббан чохь. Паччахьо тІе мел диллинарг деш дІахІоьттира халкъ. Цул тІаьхьа наха махкана тІера динчу доІанаша Делан дог дашийра.
Выбор основного перевода