Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Царств
Параллельные места
Исраилан халкъ, Везачу Элана тІаьхьара дІа а даьлла, БаІал а, Іаштарт а цІераш йолчу харцделанашна тІаьхьахІиттира. Цара деза тІорказ, схьа а эцна, шайн дела волчу ДагІонан цІа чу диллира. Цара иза ДагІонан суьртана уллохь охьахІоттийра. Шамъала дерриге а Исраилан халкъе элира: «Шу доггах Везачу Элана тІедерзахь, аша кхечу къаьмнийн деланаш шайн дага чуьра дІабаха беза. Аша Іаштарт цІе йолчу далла бина болу цІуш дІабаха беза. Шайн дегнашца шу Везачу Элана тІедерза, Цунна цхьанна гІуллакх а де. ТІаккха Цо шу пІелаштамхойн баланех кІелхьардохур ду».
Выбор основного перевода