Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шилунехь динан да а волуш, динан дайша лелош йолу еза ийпад йоьхна волу АхьъяхІу а вара. (Иза вара Ахьтубин кІант, ткъа Ахьтуби Ихвадин ваша вара, Шилунехь динан да хиллачу Іелин кІентан Пайнехьасан кІант.) Цигахь долчу халкъана ЯхІуната дІавахнийла ца хаьара. Нуб-гІалара динан да волу Ахьи-Малик волчу кхечира Дауд. Иза шена гича, Ахьи-Малика цецваларца цуьнга хаьттира: «Хьо-хьо хІунда ву? Хьоьца цхьа а хІунда вац?» Цу дийнахь кхузахь Везачу Элана хьалха нисвеллера Шаулан ялхойх волу ДуагІа цІе йолу эдомхо. Иза Шаулан жаІушна тІехІоттийна вара.
Выбор основного перевода