Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаула ша мичча вахийтича а, Даудан аьтто хуьлура. Цундела Шаула цунах тІеман хьаькам вира. Иза хазахетарца тІеийцира дерриг а халкъо а, паччахьан гонах болчара а. Дауда шен накъосташца, пІелаштамхой болчу а вахана, царах ши бІе стаг вийра. Цо паччахьна и нах ша сунтбина хиларан билгалонаш схьаеара. Шаула цуьнга шен йоІ Михула маре дІаелира. Дика дешнаш элира ЯхІунатас Шауле Даудах лаьцна. Цо бохура: «Хьайн лай волчу Даудаца хьарам ма хилахьа. Цо хьуна дуьхьал цхьа а вон хІума ца дина, боккха пайда болуш дерг бен. ПІелаштамхочунна дуьхьал иза, шех лаьцна ойла а ца еш, велира, шен дахар боккхачу кхерам кІел а хІоттийна. Везачу Эло боккха толам баийтира Исраилан махка. Иза гина волу хьо а ма вара воккхавеш. Стенна гІерта те хьо, цхьа а бахьана доцуш, Дауд вен а вийна, бехк боцу цІий а Іанийна, зулам даккха?» Цо ша массо а хенахь хууш волу меттиг дІалецира. И меттиг пенна уллохь яра. Шаулна дуьхьал ЯхІуната охьахиира. Ткъа Абунар Шаулна уллохь хиира. Даудан меттиг яьсса яра.
Выбор основного перевода