Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн вежарий болчу ШимІин тайпане гІо дийхира ЯхІудан тайпано: «Тхан вежарий! Кхаж баларна, вайна хІоранна а латтанаш билгалдаьхна ду. Аша тхуна и латтанаш схьадаха а, цу тІехь Іаш болчу канаІанхошца тІом бан а гІо дахь, оха а шуна гІо дийр ду шун латтанаш схьадаха». Иштта ШимІин тайпа а, ТІаккха Дауд а, цуьнца хилла волу ялх бІе стаг а, КъаІила-гІалара ара а ваьлла, маьІ-маьІІехула лийлира. Шауле хабар кхечира, Дауд КъаІила-гІалара ведда дІавахна аьлла. ТІаккха иза, ша болийна некъ ца беш, сецира. ТІаккха Дауда шен нахе элира: «ХІораммо а шен юкъах тур дІадехка». Массара а шайн юкъах герз дихкира. Дауда а дІадихкира шен юкъах тур. Виъ бІе стаг Даудана тІаьхьахІоьттира, ткъа ши бІе стаг шаьш схьаеана йолчу хІуманашна уллохь сецира.
Выбор основного перевода