Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Вукху дийнахь Іуьйранна Дауд самаваьлча, цуьнан Делера дерг гуш волчу Гада-пайхамаре Везачу Элан дош кхечира. Цу дийнахь Гадас, Дауд волчу а веана, цуьнга элира: «Ваха а гІой, Везачу Элана сагІа доккхуш йолу меттиг кечъе явсайхо волчу Аравнин хьаьттахь». Дауда Везачу Эло Гадигахула шега аьлларг кхочушдира. Дауд-паччахьан юьхьанца дуьйна тІаьххьалц а хиллачу гІуллакхех лаьцна яздина ду Делера долу хиндерг гуш хиллачу Шамъалан йозанаш тІехь а, Ната-пайхамаран а, Делера дерг гуш волчу Гада-пайхамаран а йозанаш тІехь а. Дауда а, Делера дерг гуш волчу, паччахьан пайхамар волчу Гадас а, Ната-пайхамаро а тІедиллина ма-хиллара, – ткъа и тІедиллар Везачу Элера долу дела – Хьузакх-ЯхІу-паччахьо Везачу Элан цІийнан кертахь, тайп-тайпана дечиг-пондарш а, цІастанан жима негІарш а карахь долу левихой дІахІиттийра.
Выбор основного перевода