Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЮшаІ динан да волчу ЭлиІазарца воьзна хир ву, хІунда аьлча ЮшаІана тІера ЭлиІазара Везачу Эле хаттар дийр ду Урим цІе йолчу безачу тІулгаца. Везачу Элан тІедилларца ЮшаІ а, дерриге а Исраилан халкъ а тІаме дІагІур ду я юхадоьрзур ду». Динан дас шен кхин бепиг доцу дела, цунна деза бепиг делира. Иза Делан цІа чуьра Везачу Элана хьалха охьадиллина долу бепиг дара. Цу дийнахь цуьнан метта керла бепиг охьадиллина хилла. Динан дас элира: «Ахьа Эла-тогІи чохь вийна пІелаштамхо волчу ГІолиатан хІара тур ду хьуна. Езачу ийпадна тІехьа бедаршна юккъе а хьарчийна Іуьллуш ду иза. Хьайна лаахь, иза схьаэца. Кхин хІумма а яц кху чохь». Дауда элира: «И санна дерг кхин хир а дац. Схьало иза соьга».
Выбор основного перевода