Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шамъала Шилунехь ша Везачу Элана гІуллакх деш волчу хенахь, динан дайша лелон езаш йолу ийпад цІе йолу бедарш тІеюхура. Массо а исраилхойн тайпанашна юккъера хаьржина вацара Аса хьан дай шех схьабевлла волу АхІарон Сайн динан да хилийта а, сагІа доккхучу кхерче ваийта а, хаза хьожа йогІу хІума ягаяйта а, Суна хьалха динан дас лелош йолу ийпад лелаяйта а? Массо а Исраилан кІенташа Сан дуьхьа доккхуш долчу сагІанийн дакъа ца кхочуьйтура Аса хьан цІенна? ТІейогІур ю Аса хьан массо а тІаьхье хІаллакьеш йолу зама. Хьан доьзалера цхьа а стаг къанло хан тІекхаччалц вехар вац.
Выбор основного перевода