Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нускалх муьлхха а там а, совгІаташ а деха, ас дІалур ду шуна, аша иза сайга яийтачхьана». Ткъа нагахь йоІан да цуьнга иза яхийта реза ца хилахь, йоІах томана богІу мах дІабала беза. Исраилхой чІогІа холчу хІиттинера цу дийнахь. Шаула цаьрга аьллера: «НеІалт хуьлийла, аса сайн мостагІашна тховса бекхам бина хан тІекхаччалц, баьпках мотт тухун болчунна». Цхьаммо а юучу хІуманах мотт ца туьйхира. Шаула Дауде элира: «Сайн йоккхаха йолу йоІ Мираба хьоьга маре йоуьйту аса. Хьо майра хила веза, Везачу Элан тІемаш дІа а кхоьхьуш». Шаулан дагахь дара: «Сан карах а доцуш, пІелаштамхойн карах валар хуьлийла цуьнан».
Выбор основного перевода