Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаула элира: «Бен-Яманан тайпанах ма ву со. Исраилхойн тайпанашна юкъахь жимачарах ду иза. Цу тайпанна юкъара тхан гара уггар а жимаха ма ду. Ахьа иза соьга хІунда боху?» Шаулан гонах болчара и дешнаш Дауде дІааьлча, Дауда жоп делира: «Шуна атта ду моьтту паччахьан нуц хила? Со къен а, ладам боцу а стаг ма ву». ТІаккха Дауд-паччахьо, ваха а вахана, Везачу Элана хьалхахь дІа а хІоьттина, элира: «Со а мила вара, ва сан Хьалдолу Эла, сан цІа а хІун яра, Ахьа цу тайпана со даржехь лакхаваккхал?
Выбор основного перевода