Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа Дала зуламе са дахийтира Абу-Маликаний, Шехем-гІалин бахархошний юкъа хІотта. Шехемхой Абу-Маликна дуьхьалбевлира. Везачу Элан Са Шаулах дІакъаьстира. Цунна тІе Везачу Эло дахийтинчу жино иза хьийзавора. Хьайна хьалха болчу ялхошка дечиган пондар лакха хууш волу стаг лахийта. Делера долу жин хьо волчу деача, цу стага пондар а локхуш, хьан дагна хьаам бийр бу». Делера долу жин Шаулна тІе охьа мосазза дуссу, Дауда, схьа а оьций, дечиган пондар локхура, тІаккха Шаулан са паргІатдолура. Юха а Везачу Элера долу жин чудоьссира Шаулна. Шен цІахь, гоьмукъ карахь а болуш, Іаш вара иза, ткъа Дауд, дечиган пондарх пІелг а туьйсуш, Іаш вара. Иза Рамерчу Наюта вахара. Цунна тІе а Делан Са доьссира. Ша дІавоьдучу хенахь иза а волавелира, Рамерчу Наюта кхаччалц, Делера болу хаамаш бан. Шовкъ а еана, шена тІера бедарш дІа а яьхна, Шамъална хьалха Делера болу хаамаш беш дІахІоьттира иза. Цу дийнаххьий, бусий иза тІехь хІума а йоцуш Іиллира. Цундела олуш ду: «Шаул а ву техьа пайхамар?»
Выбор основного перевода