Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шамъала, зайтдаьтта чохь йолу маІа схьа а эцна, вежаршна хьалха Даудан коьрта тІе даьтта доьттира. Цу дийнахь дуьйна Везачу Элан Са Даудана тІе охьадоьссина дара. Ткъа Шамъал, хьала а гІаьттина, Раме дІавахара. Везачу Элан Са Шаулах дІакъаьстира. Цунна тІе Везачу Эло дахийтинчу жино иза хьийзавора. Ялхошна юкъахь волчу цхьаммо элира: «Байтлахам-гІалара волчу Юшайн кІант гина суна. Цунна дечиган пондар лакха а хаьа, иза ша майра а, вистхилар хьекъале долуш а, чІогІа товш стаг а ву. Цуьнца Веза Эла а ву». Цуьнан аьтто болуш хилар гуш волу Шаул Даудах кхоьруш вара. Шаулна хиира Веза Эла Даудаца вуйла а, шен йоІана Михулина Дауд везийла а. Цундела Шаул кхин а чІогІа кхоьрура Даудах. Иза цуьнан мостагІа хилла дІахІоьттира массо а ханна. Шамъала Шауле хаьттира: «Со стенна меттахвоху ахьа? Соьга хІунда кхойкху хьо?» Шаула элира: «Суна чІогІа хала ду. ПІелаштамхой суна дуьхьал гІевттина тІамца. Дала суна букъ берзийна. Цо суна я пайхамаршкахула а, я гІенах а жоп ца ло. Цундела аса хьоьга кхойкху, айса дан дезачух дагавала».
Выбор основного перевода