Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаулан кІентийн цІераш яра: ЯхІуната, Ишви, МалкишаІ. Шаулан йоккхаха йолчу йоІан цІе Мираба яра, жимаха йолчун цІе Михула яра. Исраилхоша бохура: «Гой шуна и къамел деш волу стаг? Иза исраилхой емалбеш, царна луьйш ву. Иза вийначунна паччахьо боккха бахам лур бара, цуьнга шен йоІ маре а йохуьйтур яра, цуьнан доьзал Исраилан махкахь массо а кхечу нахана тІедиллина долчу хІуманах мукъа а боккхур бара». Ткъа Шаул шен дагахь ойла еш вара: «Аса йоІ цуьнга маре яхийтича, цунах Даудана гур хир бу, цуьнан пІелаштамхойн карах валар а хир ду». Шаула шолгІа а Дауде элира: «ХІинца кхин а цхьа аьтто баьлла хьан соьца гергарло таса». Шаула элира: «ДІаала Дауде: „Паччахьна шен йоІах кхин там ца оьшу, бІе вийна пІелаштамхо бен. Уьш байа а байина, сунт а бина, уьш хадош дисина чкъоьрнаш суна схьада. Иза паччахьан мостагІашна бекхам хир бу“». Цо и тайпа къамел даран бахьана Дауд пІелаштамхойн карахула хІаллакван гІертар дара. Хьан лай йолчу суна къинтІера валахьара хьо. Везачу Эло сан олахочун тІаьхье билггал чІагІйина дІахІоттор ю, хІунда аьлча Везачу Элан тІемаш схьабахьаш вогІуш ву сан олахо. Хьо мел веха зуламе дерг ца даьлла хьох.
Выбор основного перевода