Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И кІант къаьсттина дукхавезаш, цунна чу са диллина ву тхан да. Цундела иза а воцуш тхо цІа гІахь, Хьан ваша, я хьан кІант, я хьан йоІ, я хьан хьоме зуда, я хьан доттагІа, хьуна хьайн са санна везаш волу, къайлаха хьо леван гІорта мега: „Вало, кхечу деланашна гІуллакх деш лелар ду вай“, – бохуш. Делахь а, хьуна а, хьан дайшна а бевзина ца хилла и деланаш. Цундела ЯхІунатас Дауде элира: «Сан да Шаул хьо вен бахьанаш лоьхуш ву хьуна. Кханалерчу дийнахь ларлуш хилалахь. Цхьанхьа къайла а валий, Іелахь. ЯхІунатас, чІагІо а еш, Даудана хаийтира шена иза мел веза, хІунда аьлча иза цунна, шен са санна, дукха везаш вара. Иза волчу веара Шаулан кІант ЯхІуната. Цо Дауд иракарахІоттийра, Делах тешарца чІагІло аьлла. Цо элира: «Ма кхера. Сан ден Шаулан куьг хьуна тІекхочур дац. Исраилан махкахь паччахь хир ву хьо, ткъа со хьуна уллохь шолгІа меттиг дІалаьцна хир ву. Сан дена Шаулна иза хууш ду». Цу шиммо Везачу Элана хьалха барт бира. Дауд Хьорша олучу меттехь висира, ткъа ЯхІуната шен цІа вахара. Ма гІайгІане ву со, сан ваша ЯхІуната! Суна хьо чІогІа хьомсара вара. Зударийн соьца болчу безамал а, хьан безам суна беза бара.
Выбор основного перевода