Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Суна тІедерза, тІаккха кІелхьардевр ду шу, дуьненан массо а маьІІера адамаш! Со Дела ву. Со воцург, кхин дела вац. Вочу стеган Іожалла тІеярах там хуьлий те Суна? – боху Хьалдолчу Эло. – Мелхо а, шен харцнекъа тІера дІа а вирзина, иза вехаш хилар Суна тамехь хир дара. Со муьлххачу а стагана Іожалла тІеярах там хуьлуш вац, – боху Хьалдолчу Эло. – Къиношна тІера дІа а дерзий, дехаш хилийша!» Цунах тешнарш Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачийтархьама». ХІунда аьлча Шен цхьаъ бен воцу КІант дІаваллал дезна Далла хІара дуьне, муьлхха а Цунах тешнарг, хІаллак а ца хуьлуш, Ша волчохь долчу хедар доцучу дахаре кхачийтархьама. Шен мостагІашна а эсала хьехамаш бан беза цо. Дала царна а дохкодовлар а, билггал бакъдерг довзар а дала тарло.
Выбор основного перевода