Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
ЯхІудхойн динан дайшна и шадерг а дІало, цаьрга стигаларчу Далла хазахеташ долу сагІанаш дахийта а, паччахьан а, цуьнан кІентийн а дахарна тІера доІанаш дайта а. ХІора адам пачхьалкхана урхалла дечарна муьтІахь хила деза. Урхалла дан бакъо, Дала елча бен, ма ца хуьлу, ткъа болуш болу урхалчаш Дала дІахІиттийна бу. Муьлххачу а хенахь Делан Синан гІоьнца доІанаш делаш, массо а тайпана доІа а, дехар а деш. Иза иштта дархьама, сема а хилалаш, цхьана а тайпана юха ца довлуш, Делан долахь болчарна массарна а тІера кхидІа доІанаш а делаш.
Выбор основного перевода