Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Цунна со кІелхьарйоккхучу Далла доккхадеш ду иза, ХІокху дуьненан ойланашца ма лелалаш, амма шайн хьекъал, метта а даладайтина, Деле карладаккхийта. ТІаккха бевзар бу шуна шайх лаьцна болу Делан лаам. Шуна хуур ду Далла хьалха диканиг а, Далла тамехь дерг а хІун ду а, Делан кхачаме лаам муха бу а. Со, ПахІал, Дала леррина къобалвинчу Іийсан векал ву. Векал хила бакъо суна елла вайн КІелхьардохург волчу Дала а, вайн дегайовхо волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсас а. Ваьш суьпа хилийтархьама, вай къахьоьгуш а, болх беш а ду. ХІунда аьлча массо а адамийн, къаьсттина Іийсах тешаш болчеран, КІелхьардохург волчу дийначу Делах вай теша.
Выбор основного перевода