Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Зуда маре яхар а, стага зуда ялор а, Дала кхоьллина йолу цхьайолу хІуманаш яар а ца магадо шалхо лелочу оцу наха. Іийсах а тешаш, билггал долу бакъдерг девзинчаьрга, Шена хастамаш а бойтуш, яийтархьама, елла Дала и юург. хІунда аьлча Делан дашца а, вайн доІанашца а иза Далла хьалха цІанло. Ваьш суьпа хилийтархьама, вай къахьоьгуш а, болх беш а ду. ХІунда аьлча массо а адамийн, къаьсттина Іийсах тешаш болчеран, КІелхьардохург волчу дийначу Делах вай теша. Цаьрга хьехийта къоначарна шайн майранаш а, шайн бераш а дезар. Собаре а, цІена а, шайн доьзалийн бала болуш а, дола деш а, дика хила безарх а, шайн майранашна муьтІахь хила безарх а кхетабе уьш, цхьаьнгге а Делан дашах лаьцна вониг ца алийтархьама.
Выбор основного перевода