Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Зудчунна и дитт хаза хилар а, цунна тІера стоьмаш даа тамехь хилар а гира. Уггаре а хазделира цунна цу дитто кхетам алсам болуьйтург хилар. Зудчо дитта тІера стоьмаш а баьхна, ша а биира, шена юххехь волчу майрачуьнга а белира. Вукхо а уьш биира. ТІаккха Везачу Дала зудчуьнга элира: «И хІун ду ахь динарг?» Зудчо жоп делира Цуьнга: «Лаьхьано, хІилла а дина, Іехийра со, ткъа аса и стоьмаш диира», – аьлла. Амма со кхоьру, шен хІилланца лаьхьано Іехийна йолу Хьава санна, Дала леррина Къобалвинчунна догцІена а, даггара а тешаме хиларх мухха а шун хьекъалш ледийр дуй те аьлла.
Выбор основного перевода