Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Тимофею
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Декъалбина бу къинхетаме берш – царах а бийр бу къинхетам. Декъалбина бу цІена дог дерш – царна Дела гур ву. Цхьанна а цхьа а хІума декхарийлахь ма хилалаш, вовшашна дІабала беза безам боцург, хІунда аьлча кхиверг везаш волчо товрат-хьехамаш кхочушбина. Безамо уллохь волчунна зулам ца дойту. Цундела безам хилар – товрат-хьехамаш кхочушбар ду. СинпаргІато а, тешарца болу даггара безам а хуьлийла динан вежаршна Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а. Къоначийн сийсазчу лаамех вадалахь. ЦІеначу даггара Везачу Эле кхойкхучаьрца лаха нийсо а, тешар а, безам а, синан паргІато а. Бакъдолчунна муьтІахь хиларна, шайн синош а цІандина, шайн динан вежарий шалхо йоцуш безаш ду шу. Ткъа хІинца шайн ницкъ ма-кхоччу даггарчу безамца вовше дезалаш!
1. Тимофею
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода