Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Тимофею
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Аса, сайн лаам а болуш, и гІуллакх деш делахьара, Делера совгІат хир дара суна. Ткъа сайн лаамехь а доцуш, аса иза деш хилча, тІаккха сайна тІедиллина долу гІуллакх кхочушдо аса. Цара мелхо а чІагІдира, хаза кхаъ кхечу къаьмнашна кхайкхор суна тІедиллина хилар, иза жуьгташна хьехар Кипина тІедилларе терра. Ткъа Дала тхан сий а дина, Шен хаза кхаъ тешарца тхоьга кховдоре терра, иштта, адамашна томана а доцуш, амма вайн дегнаш зуьйш волу Дела лоруш бо оха и хьехамаш. Іийса кху дуьнен чу схьавар шен хан тІекхаьчча гойтур ду Дала – декъала а, Ша цхьаъ бен воцу Нуьцкъалхо а, паччахьийн Паччахь а, олахойн а Олахо а ву Иза. Цундела эхь ма хета вайн Везачу Элах лаьцна тоьшалла дан. Цуьнан дуьхьа тутмакх волу со бахьана долуш а эхь ма хета. Мелхо а, ахьа а Дала хьайна луш болчу ницкъаца хаза кхаъ дІакхайкхоран дуьхьа соьца цхьаьна баланаш хьега. Ткъа и дика вайна-м Дала леррина къобалвина Іийса, вай КІелхьардаьхнарг, кху дуьнен чу схьавеача, хІинцца бен ца гайтина Дала. Вайна тІехь долу Іожаллин олалла дохийна Іийсас. Ша дІакхайкхийнчу хазачу кхоэхула Іожалла ца хуьлу бакъдолу дахар стенца хуьлу гайтира Цо.
1. Тимофею
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода