Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Тимофею
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
ПахІал хьалха Дербе а, юха Листаре а веара. Цигахь Іаш Іийсан мурд вара, Тимапи цІе а йолуш. Цуьнан нана Іийсах тешаш йолу жуьгти яра, ткъа да грек вара. Листарехь а, Иконехь а динан вежарша хаза дош олура Тимапих лаьцна. И дерриге а бахьанехь ваийтинера аса шу долчу Тимапи. Везачу Элах долчу тешаре хьаьжжина, сан хьоме а, тешаме а кІант ву иза. Цо дагадоуьйтур ду шуна Дала леррина къобалвинчу Іийсаца долу со лела некъаш муха ду а, аса цу некъах лаьцна массанхьа а, хІорра динан тобанехь а муха хьоьху а. Ас яздо хьоьга, сайн хьоме кІант волчу Тимапига. Вайн Да волчу Делера а, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, къинхетам а, синпаргІато а хуьлда хьуна. Іийсах тешар вайшиннан цхьаъ хиларна, билггал сан кІант волчу хьоьга яздо аса, Тита. Вайн Да волчу Делера а, вайн КІелхьардохург волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, синпаргІато а хуьлийла хьуна. Векал волчу Яхьъяс Асиа-махкарчу динан ворхІ тобане яздо: Делан дика а, синпаргІато а хуьлийла шуна даим волуш волчу а, хилла волчу а, вогІун волчу Делера а, иштта Цуьнан Іаршана хьалха лаьтташ долчу ворхІ синера а,
1. Тимофею
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода