Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Тимофею
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
цу тайпана верг иблисан кара дІало, цуьнан синан лаамаш хІаллак а байтина, Везачу Элан дийнахь цуьнан са кІелхьардалийтархьама. Іийсах тешна дукха хан йоцучу божарех хила ца веза иза, цуьнан даг чу куралла а йоьссина, иблисана санна, иза кхел йина ца хилийтархьама. Арахьарчу наха дика тоьшаллаш деш хила а веза иза, шена Іиттарш ца яйта а, иблисан гуре ша ца лацийта а. Ткъа иштта хьехамаш, вочу цамгаран ун санна, сихха дІасабаьржа. И Іеса а, сонта а хабарш хьоьхучарна юкъахь бу ХІуьманай а, Пилти а. Уьш билггал бакъдолчунна тІера дІабевлла. Цара хьоьху, белла болу нах денло де чекхдаьлла бохуш. Иштта долчу хьехаршца цара цхьаболчу нехан тешар галдоккху. Ткъа уьш Іехош хилла долу и иблис цІе яьлла богучу саьмгалан Іам чу тесира. Цу Іам чохь экха а дара, харцпайхамар а вара. Цара дийнахь а, буса а Іазап хьоьгур ду ерриг а тІейогІучу заманахь.
1. Тимофею
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода