Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Тимофею
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Божарий а, зударшца хила езачу юкъаметтиган метта, вовшашка эхье болчу лаамех буьзнера. Эхь-бехк а дайна, уьш вовшашца лелара. Иштта леларца шайн догІмаш къинойх дузура цара. Шайн тилабаларца хьакъ доллу Делан оьгІазло шайн коьрта тІе йоуьйтура цара. Я шуна ца хаьа те, харцонаш йийраш Делан Олалле ца кхочийла? Іеха ма лолаш! Сийсаза лелачарах а, цІушна Іамал ечарах а, нахаца лелачарах а, вовшашца хьарам дерг лелочу божарех а, И дерриг а динан вежаршна а хьоьхуш, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дика гІуллакхдархо хир ву хьох. Вайн динан дешнех а, хьо тІаьхьаваьллачу дикачу хьехамах а вузуш, вехар ву хьо. Цхьаболчара харц хьехамаш дІасабаржабо. Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан хьекъале долчу дешнашна реза ца хуьлу уьш. Іийсах тешарг муха лела веза боху хьехам а тІе ца оьцу цара. ХІунда аьлча адамаша нийсачу хьехамашка ладугІур доцу хан тІейогІур ю. Шайн-шайн лаамашка а хьоьжуш, шортта хьехамчаш шайна гонах гулбийр бу цара, шайн лергашна хаза лууш дер-дерг цаьрга дийцийта. Иштта оха хьехначу, теша хьакъ долчу хьехамашна тІегІерташ хила а веза иза. ТІаккха нийсачу хьехамашца кхиберш иракарахІитто а, оцу хьехамашна дуьхьал берш харцбан а йиш хир ю цуьнан. Ткъа ахьа билггал бакъболчу хьехамашца догІуш дерг хьеха.
1. Тимофею
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода