Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Тимофею
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Ткъа хьалха яздина мел долу хІума вайна хьехамна яздина ду, Делан Йозанаша вайна лучу доьналлица а, иракарахІитторца а вешан сатийсар хилийтархьама. Цо иза дина, тІейогІун йолчу заманашна Шен диканан башха долу хьал гайтархьама. Ткъа Шен доккха дика Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула вайга болчу безамехь гойтуш ду. Іийса сийсазвеш, Цунах тешарш хьийзош, царна ницкъ беш лелла волчу сох къинхетам бина Дала, хьалха со ца кхеташ а, Іийсах ца тешаш а хилла дела. Цхьаболчарна ма-моттара, Веза Эла Ша кхочушдийр ду аьлларг юхатоьттуш вац. Амма Иза собаре ву шуьца, хІунда аьлча Цунна ца лаьа цхьа а хІаллакьхилийта, ткъа массо а адам, шегара даьллачу вочу хІуманна дохко а даьлла, Шена тІедерза лаьа Цунна. Вайн Везачу Элан собаре хилар вайн кІелхьардовлар ларалаш, шена деллачу хьекъалца вайн хьомечу вашас ПахІала шуьга яз-ма-дарра.
1. Тимофею
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода