Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Тимофею
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Хьалха санна оьгІазаллех кхехкаш вара Шаул, Іийсан мурдаш хІаллакьхиларе сатуьйсуш. Иза динан коьрта да волчу веара. Цо цуьнгара Дамасакх-гІаларчу жуьгтийн гуламан цІеношка дахьа лерина кехаташ дехира. Цу кехаташа Шаулна бакъо лора Іийсан некъан мурдаш, божарий а, зударий а, бехка а бихкина, Ярушалайме схьабало, нагахь уьш цунна карабахь. Иза Дамасакхе схьакхочучу хенахь, цІеххьана стигаларчу серлоно къагийра иза. Шаул лаьтта охьавоьжча, цунна аз хезира. Цо кхуьнга бохура: «Маржа Шаул яІ! Соьга бала хІунда хьоьгуьйту ахь?» «Хьо мила ву, Веза Эла?» – хаьттира Шаула. «Со Іийса ву, ахьа эккхийна лелош волу, – элира Цо. ХІинца, хьала а гІаттий, гІала гІо, цигахь эр ду хьоьга ахь хІинца дан дезарг». Шаулна тІаьхьа богІу нах Іадийна лаьттара, аз а хезаш, амма цхьа а ган а ца гуш. Шаул лаьттара хьалагІаьттира, амма цо бІаьргаш схьабиллича, цунна хІумма а ца гора. Наха, куьг а лаьцна, валийра иза Дамасакхе. Кхаа дийнахь а, буса а бІаьрса дайна Іийра иза. Цо яа а ца йоура, мала а ца молура. Дамасакхехь Іаш Іийсан мурд вара, Хьанас цІе а йолуш. Цунна сурт хІоьттинчу хенахь, Везачу Эло цуьнга элира: «Ва Хьанас!» ТІаккха хІокхо жоп делира: «Эла, со кхузахь ву!» – аьлла. Эло цуьнга элира: «„Нийсаниг“ олучу урамехь долчу ЯхІудан цІа чу а гІой, Тарс-гІалара Шаул цІе йолу стаг хатта. Хьажалахь, иза хІинца доІанаш деш ву. Цунна сурт хІоьттина, Хьанас цІе йолчу стага, ван а веана, шен бІаьргаш тІе куьйгаш дохкуш, шен бІаьрса схьадаийта». Хьанаса элира: «Веза Эла, суна дукха нахера хезна оцу стагах а, цо Хьан безачу нахана Ярушалаймехь динчу вонах а лаьцна. Иза динан коьртачу дегара кехат а дахьаш веана, Хьоьга мел кхойкхург чуволла бакъо луш долу». Везачу Эло элира Хьанасе: «ДІавало! И стаг Ас хаьржина гІирс бу. Цо кхайкхор ю Сан цІе кхечу къаьмнех болчу нахана а, церан паччахьашна а, Исраилан халкъана а. Ткъа векалех уггаре а кІезигниг волу со-м векал ву ала хьакъ долуш а вац, хІунда аьлча Делан долахь йолу, ерриге а Іийсах тешначийн тоба хІаллакьян тІаьхьаваьлла леллера со. Амма Делан дика бахьанехь хІинца со волуш верг хилла сох. Ткъа суна лерина Цуьнан дика а эрна ца хилла. Аса цара массара а хьегначул сов къахьегна. (Бакъду, иза аса ца динера, соьца долчу Делан дикано динера.) Ткъа Везачу Эло соьга элира: «Тоьар ду хьуна Соьгара долу дика, хІунда аьлча Сан ницкъ хьан гІорасизаллехула кхоччуш гучубоккху». Суна чохь Дала леррина Къобалвинчун ницкъ хилийтархьама, сайн гІорасизаллех долу дозаллаш совдохур ду аса. Шуна хезна-кх сох лаьцна, хьалха бакъволу жуьгти хилла леллачу хенахь со муха вара. Шуна хаьа, мел къиза тІаьхьаваьллера со Іийсах тешначийн Делан долахь йолчу тобанашна, уьш хІаллак а еш. Сайн тайпанара болчу жуьгтийн нийсархошна юкъахь, сайн дайша лелийна Іадаташ лардар тІехь хьалхе йоккхуш стаг вара со. Со дуьненна тІе а валале, со къастийначу Дала, Ша суна динчу диканца, суна хьалха Шен КІант дІахІоттийра, Цунах лаьцна болу хаза кхаъ, жуьгтий боцучу, кхечу къаьмнех болчарна а кхайкхорхьама. Со ца вахара цхьанна а адамах дагавала а, Дала суна тІедиллина шун дуьхьа оцу тобанан гІуллакхдархо хилар. Цо со къобалвинера Шен дош шуна дуьззина довзийта.
1. Тимофею
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода