Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
«Везачу Элана хьалха хьалаайа шаьш цІов баьхьначу шоьтан де чекхдаьллачу шолгІачу денна тІера дуьззина ворхІ кІира дагарде. Шовзткъе итт де дІадаьлча, ворхІалгІа шоьтан де чекхдаьллачу шолгІачу дийнахь, Везачу Элана лерина керла кІен сагІа даккха. Шайн хІусамаш тІера Везачу Элана хьалха хьалаайина шатайпа сагІа санна ши бепиг да. Цхьа сахь тоьллачу кІен демах хьакхийначу совсийначу бедах дина хила деза и баьпкаш. Везачу Элана лерина дуьххьарлерчу ялтех долу совгІат хир ду иза. Баьпкашца цхьаьна шо кхаьчна долу, цхьа а сакхт доцу ворхІ Іахар а, даккхийчу хьайбанех цхьа старгІа а, ши ка а балабе. Цу бежанех Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагІа доккхур ду. Цаьрца цхьаьна кІен а, чагІаран а сагІанаш даха дезаш ду. ЦІера тІехь дохуш долчу оцу сагІанийн хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. Къинан сагІина цхьа бож а, бертан сагІина шо кхаьчна ши Іахар а кечбе. Везачу Элана хьалха шатайпа сагІа санна даккха деза динан дас дуьххьарлерчу ялтех дина баьпкаш а, ши Іахар а. Везачу Элана лерина деза сагІа ду иза. И сагІа динан дена дІадала дезаш ду. Безачу гуламе цу дийнахь нах схьакхайкха, вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь. Шун тІаьхьенашна, миччанхьа уьш Іаш белахь а, гуттаренна а тІедуьллуш ду иза. «Маьрсаца кІа хьокхучу хьалхарчу денна тІера ворхІ кІира дагарде. Цул тІаьхьа шайн Везачу Далла лерина ШавуІот цІе йолу дезде дазделаш, шайн лаамца долу сагІа а доккхуш, шайн Везачу Дала шу декъалдаре хьаьжжина. Шайн Везачу Далла хьалха сакъералуш хила Цо Ша Іайтархьама къастор йолчу меттехь – шу а, шун кІентий а, йоІарий а, шун леш а, гІарбашаш а, шун гІаланашкахь Іаш болу левихой а, тІебаьхкина нах а, иштта бай а, бисина Іаш болу зударий а. Апа-Леса Коринтехь волчу хенахь, ломан некъашкахула чекх а ваьлла, Эпас-гІала веара ПахІал. Цигахь масех мурд а карийна, ПахІала жуьгтийн гуламан цІийне а веана, кхаа баттахь, ца кхоьрруш, хьеха а хьийхира, къийса а къийсира, жуьгтий ша Делан Олаллех лаьцна дуьйцург бакъ хиларх тешо гІерташ.
1. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода