Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Доьналла долуш хилалаш! Шун дегнаш чІагІлойла, Везачу Эле сатуьйсучу шун массеран а дегнаш чІагІлойла! Цундела сема хилалаш, хІунда аьлча шуна ца хаьа, маца вогІур ву шун Веза Эла. Шаьш хила ма-дезза метта а дуьйлий, къинош леточуьра совца. Ткъа шуна эхь хетийта эр ду ас: шух цхьаболчарна Дела вовза а ца вевза. Сан хьоме динан вежарий! ЧІагІлой а хилалаш, меттах ца довлуш а латталаш. Шаьш Везачу Элана лерина деш долчу гІуллакхех дуьззина хилалаш, хІунда аьлча шуна хаьа, шаьш Везачу Элаца доьзна долу дела, аша мел деш долу гІуллакх эрна довр доцийла. Ткъа тІаьххьара а бохург хІара ду: чІагІло Везачу Элаца а, Цуьнан боккхачу ницкъаца а. Иза иштта хилча, суна, шу долчу а веана, шу гича, я кхечанхьа а волуш, шух лаьцна иштта хезар ду: уьш цхьаалла а йолуш, берриш а цхьаъ санна, хазачу кхоаца цхьаьнадогІучу тешарна къахьоьгуш бу. Цундела, динан вежарий, чІагІлой Іелаш. Хьалха а оха шуна бина болу а, тхан кехат тІехь язбина болу а хьехамаш лар а беш, даха. Собаре а, сема а хила! Шун мостагІа, иблис, ду, гІигІ ден лом санна, цхьаъ дІакхалла гІерташ даьлла лелаш. Кестта вогІур ву Со. Шайн долуш дерг ларделаш, цхьаьнгге а шайгара толам баккхаран таж дІа ца даккхийта. Хьовсал! Со, неІарах пІелг а бетташ, лаьтташ ву. Сан аз а хезна, неІ дІайиллинчун цІа чу вер ву Со. Цуьнца цхьаьна хІума юур ю Ас, ткъа иза Соьца шуьне хуур ву.
1. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода