Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
ПахІал хьалха Дербе а, юха Листаре а веара. Цигахь Іаш Іийсан мурд вара, Тимапи цІе а йолуш. Цуьнан нана Іийсах тешаш йолу жуьгти яра, ткъа да грек вара. И дерриге а бахьанехь ваийтинера аса шу долчу Тимапи. Везачу Элах долчу тешаре хьаьжжина, сан хьоме а, тешаме а кІант ву иза. Цо дагадоуьйтур ду шуна Дала леррина къобалвинчу Іийсаца долу со лела некъаш муха ду а, аса цу некъах лаьцна массанхьа а, хІорра динан тобанехь а муха хьоьху а. Веза Эла волчу Іийсаца воьзна хиларна, дегайовхо ю сан шу долчу кестта Тимапи ваийта, шуьгара хьал-де а хиъна, сайн дог иракарахІотторхьама. Цуьнга кхочуш а, цо санна доггах шун гІайгІа бийр болуш а сан цхьа а вац.
1. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода