Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цигахь цунна карийра Іакхила цІе а йолуш, Понта-махкара схьаваьлла волу цхьа жуьгти. Іакхила шен зудчуьнца ПхьаьрскІилатаца Итали-махкара схьавеана вара, хІунда аьлча Калабди-паччахьо массо а жуьгташка Рим-гІалара дІагІо аьллера. ПахІал Іакхилий, Парскилий ган веара. Цигахь дуккха а деношкахь Іийна, Сири вахара ПахІал, динан вежарий а битина. ПхьаьрскІилат а, Іакхила а дара цуьнца. Кенахари цІе йолчу меттехь шен месаш дІалергира цо, ша Далла хьалха дина ваІда кхочушдар билгалонна. Маршалла ло соьца цхьаьна Дала леррина къобалвинчу Іийсана гІуллакх деш хилла болчу ПхьаьрскІилате а, Іакхиле а. Маршалла ло церан цІахь гуллуш йолчу динан тобане а. Маршалла ло сан хьомечу Эпанте а. Иза Асиа-махкахь Дала леррина Къобалвинчунна тІебирзинчарах хьалхарниг ву. Делан лаамца Дала леррина къобалвинчу Іийсан векал волчу ПахІала а, вайн динан вашас Тимапис а, Делан долахь йолчу, Іийсах тешачеран Коринтерачу тобане а, берриге Ахай-махкахула Іаш болчу массо а Делан долахь болчаьрга а яздо хІара кехат. Маршаллаш ло соьгара ПхьаьрскІилате а, Іакхиле а, Анисапаран цІерачаьрга а. Векал волчу Яхьъяс Асиа-махкарчу динан ворхІ тобане яздо: Делан дика а, синпаргІато а хуьлийла шуна даим волуш волчу а, хилла волчу а, вогІун волчу Делера а, иштта Цуьнан Іаршана хьалха лаьтташ долчу ворхІ синера а, Цо бохура: «Хьайна гушдерг тептар тІе дІа а яздай, динан ворхІе а тобанийн гуламашка дІадахьийта. И тобанаш ю хІокху гІаланашкахь: Эпасехь, Симранехь, Паргамехь, Тхьайтирехь, Сардисехь, Палидалпехь, Лаудикехь».
1. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода