Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Оха баланаш хьоьгуш хилча – иза шун синтеман а, кІелхьардовларан а дуьхьа ду. Тхо догъоьцуш хилча – иза шун синтеман дуьхьа ду, хІунда аьлча оцу синтемо шуна чохь доьналла кхуьуьйту, оха хьоьгуш болу баланаш шуьга а хьегийтархьама. Тхо чІогІа тешна ду шух, хІунда аьлча тхуна хаьа, нагахь оха хьоьгу баланаш шуьца бекъалуш хилча, тхан деган синтем а бекъало шуьца. Везачу Элаца шаьш хиларна даггара долчу хазахетарца тІеэцалаш иза, и санначеран сий а делаш. Динан вежарий, доьху шуьга, Везачу Элан гІуллакх дан шуна куьйгалла а деш, хьехамаш а беш, шуна юкъахь къахьоьгуш берш ларар. Церан болх бахьана долуш уьш тІехдика а, безамца а ларар доьху шуьга. Вовшашца бертахь Іелаш.
1. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода