Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Хьанаса элира: «Веза Эла, суна дукха нахера хезна оцу стагах а, цо Хьан безачу нахана Ярушалаймехь динчу вонах а лаьцна. Цундела мурдаша сацам бира, шайн тароне хьаьжжина, ЯхІуд-махкахь болчу динан вежаршна гІо дан. Делан Сино бакъо ца елира ПахІалгІарна Асиа-махкахь хьеха, цундела церан некъ Пхьарга-махкахула а, Галата-махкахула а бара. Делан нехан эшамехь дакъалоцуш хилалаш, хьеший доггах тІеэцалаш. Ткъа хІинца, динан вежарий, оха дІахоуьйту шуьга Македон-махкарчу динан тобанашна Дала деллачу диканах лаьцна. ХІунда аьлча вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дика девза шуна. Ша хьал долуш воллушехь, шун дуьхьа къий а велла, Шен къоьлла бахьана долуш шу хьал долуш хилийтархьама, дина Цо иза. Аса а, соьца болчу массо а динан вежарша а маршалла доуьйту шуьга, Галата-махкарчу Іийсах тешначу нехан тобанашка. Деккъа цхьа дехар дира цара: мисканаш дагахь латтабар. Изза дан со а чІогІа гІертара.
1. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода