Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Амма, вайн эгІазаллаш тІе а лаьцна, Цо вайн лазарш дІадаьхьира. Ткъа вайна моьттура, Иза таІзар динарг, – Дала тоьхнарг а, Цо ницкъ бинарг а вара. Вайн аьрхаллина чов йина вара Иза, вайн къиношна хьаьшна вара Иза. Вайна машар бахьаш долу таІзар дара Цунна тІехь, ткъа Цуьнан чевнаш бахьана долуш вай тодина лаьтта. Вай массо а тиладелла уьстагІий санна дара, хІора а шен-шен новкъа тІевирзина вара. Амма Везачу Эло дахкийтина Цунна тІе вайн массеран а къинош а, бехк а. Зуламхошца цхьаьна каш кечдинера Цунна, хьалдерг волчохь дІавоьллинера Иза, Цо цкъа а къизалла ца йинехь а, Цуьнан багахь харцдерг дацахь а. Шух муьлхачо бехке вийр вара Со, Ас къинош летадо аьлла? Ткъа Ас билггал долу бакъдерг дуьйцуш доллушехь, шу Сох хІунда ца теша? Шена тІехь цхьа а къа доцуш Верг Дала вайн дуьхьа къинош летийнарг санна вира, Ша леррина Къобалвинчуьнгахула вайх Шена хьалха бакъдинарш хилийтархьама. ХІунда аьлча вайн динан коьрта Да кхетар ву вайгара йийлинчу ледарлонех: Иза лаьтта тІехь волчу хенахь, вай санна, массо а тайпана зуьйш хилла, Цо къа ца латийнехь а. Иштта динан коьрта да вайна оьшуш а ву: веза а, бехк боцу а, цІена а, къинош летийначарах дІакъастийна волу а, стигалал лакха хьалаваьккхина волу а. амма цІеначу а, бехк боцучу а Іахаран санна долу, Дала леррина Къобалвинчун деза цІий делла ю.
Выбор основного перевода