Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Ваьш тешарехула бакъдина дела, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсас динарг бахьана долуш, Делаца синпаргІато а йолуш деха вай. Іийса вайн динан коьрта Да волу дела, вай майрра Делан паччахьан гІантана улло даха йиш йолуш ду, Цуьнгара къинхетам а, дика а схьаэца, оьшучу хенахь ваьшна гІо дайтархьама. ЦІеначу дагаца, чІогІачу тешарца Далла гергахьа кхочийла вай, цинцаш тохарца вайн дегнаш бехк тІелацарх цІан а дина, вайн догІмаш цІеначу хица а дилина. Иштта, сан хьоме бераш, кхидІа а хилалаш Цуьнца, Иза веанчу хенахь шаьш доьналла долуш хилийта а, Цунна хьалха шайна эхь ца хетийта а. Иза бахьана долуш Далла хьалха доьналла долуш хила таро ю вайн. Нагахь вай Цуьнан лаамехь долу цхьа хІума Цуьнга дехахь, Цунна вай бохург дІахезар ду.
Выбор основного перевода