Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
ХІунда аьлча Шен цхьаъ бен воцу КІант дІаваллал дезна Далла хІара дуьне, муьлхха а Цунах тешнарг, хІаллак а ца хуьлуш, Ша волчохь долчу хедар доцучу дахаре кхачийтархьама. Пасахьан деза де тІекхочуш дара. Ша кху дуьненара Шен Дена тІеваха веза хан тІекхаьчний хаьара Іийсана. Дуьненара Шенаш безара Іийсана, ткъа хІинца Шен безам ма-барра кІорггера гайтира Іийсас царна. Бакъдерг аьлча хІинца вехаш верг со вац, ткъа Дала леррина Къобалвинарг соьгахула вехаш ву. Со дилха долуш вехаш хиларан бахьана ду, со веза а везна, Ша сан дуьхьа дІавелла волчу Делан КІантах тешаш со вехаш хилар. Со вен там бу. Ткъа сан валар чагІаран сагІанах тардала мега. Нагахь иза шун тешамечу гІуллакхдаран сагІина тІе Іанахь а, со воккхавеш ву – шуьца массаьрца а воккхавийр ву со. Иштта тхо шух дІаийна дела а, тхайна шу дезадаларна а шуна Делера болу хаза кхаъ кхайкхийна оха. И дина а ца Іаш, тхайн синош а, ца кхоош, шуна дІадала лиира тхуна. Массо а адамийн къинойх мах а луш, Шен са дІаделлера Цо. Иштта ду шен заманчохь Делан безамах лаьцна дина долу и тоьшалла.
Выбор основного перевода