Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Карахь бартбаран ши экъа а йолуш, Синай-лам тІера чувуссучу хенахь, Мусана ца хаьара шен юьхь серлаяьлла хилар, Дала цуьнца къамел дина дела. Аша тІеэцнарг шух юха а леш хуьлуьйту Са дац, юха а кхерамехь шу дехаш хуьлуьйтур долу. Аша тІеэцнарг шух Делан бераш хуьлуьйту Са ду. Оццу Синца вай кхойкху: «Абба, сан Дада!» Вай Делан бераш хилча, берашна кхочу дерг вайна а кхочур ду. Дала иза вайна лур ду, ткъа Дала леррина Къобалвинчунна кхаьчнарг вайна а кхочур ду, хІунда аьлча, нагахь санна Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна вай баланаш хьоьгуш хилча, Цуьнца цхьаьна вай сийлаллехь а хир ду. Ткъа вай массара а дуьхьал пардо доцучу яххьашца, куьзгано санна, Везачу Элан сийлалла дІагойту. Массо а хенахь вайн сийлалла сов а йоккхуш, вай Цуьнан васте хуьйцуьйтуш ду Делан Са долчу Везачу Эло. Вайн сий доцу догІмаш хуьйцур ду Цо, Шен сийлахьчу дегІах а тардина. И дийр ду Цо массо а хІума а Шен карадерзо йиш йолчу Шен ницкъаца. Шеца шун дахар долуш волу Дала леррина Къобалвинарг кху дуьнен чу юхавеача, шу а сийлаллица Цуьнца цхьаьна догІур ду. Ша лур ду аьлла сийлахь а, деза а совгІаташ делла Цо вайна Шен сийлаллехула а, оьздангаллехула а, уьш бахьана долуш, хьарамчу лаамаша дуьнен чохь лелачу талхарна гена а девлла, шу Деле терра хилийтархьама. Иштта, сан хьоме бераш, кхидІа а хилалаш Цуьнца, Иза веанчу хенахь шаьш доьналла долуш хилийта а, Цунна хьалха шайна эхь ца хетийта а.
Выбор основного перевода