Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
«Шуна ма-хаъара, вайн дайшка аьлла хилла: „Адам ма де. ХІора стаг вийна волу зуламхо кхелахочо жоьпе озор ву“. Ткъа Аса боху шуьга: шена уллорачунна оьгІазвахана волу хІора стаг кхелахочо жоьпе озор ву. Стага шен вешина а „Іовдал!“ аьллехь, цунна коьртачу кхеташоно таІзар дийр ду. Шена уллохь волчуьнга: „Яьсса хІума!“ – аьлла, вистхилларг, жоьжахатин цІера хьалха а хІоттийна, жоьпе озор ву. Шун да иблис ду, ткъа шуна а лаьа шайн ден лаамаш кхочушбан. Иблис юьххьехь дуьйна а адам доьриг ду, иза бакъдолчунна тІехь ца Іийра, шеца бакъдерг доцу дела. Цо харцдерг дуьйцучу хенахь шениг дуьйцу, хІунда аьлча иза харцдерг дуьйцург а ву, харцдолчун да а ву. цІушна корта беттар, бозбунчалла леладар, мостагІалла хилар, девнаш дахар, эмгаралла лелор, оьгІазъэхар, дагазаллаш хилар, барт ца хилар, декъадалар, цабезам хилар, малар тІехдаккхар, лар тІера валар, иштта кхидолу а ца оьшу хІуманаш дар. Цунах лаьцна, айса хьалха а ма-аллара, хІинца а боху аса шуьга, и гІуллакхаш деш берш Делан Олалле кхочур бац. Ткъа кІиллойн а, Іийсах тешар доцучеран а, вон болчеран а, адам дийначеран а, сийсаза лелачийн а, бозбунчийн а, харцделанашна Іамал еш болчеран а, массо а харцлуьйчеран а дакъа хир ду цІарах а, саьмгалх а богучу Іам чохь. Иза шозлагІа валар ду».
Выбор основного перевода