Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Ткъа, Ша тІе а эцна, Шех тешаш болчарна Делан бераш хила бакъо елира Цо. Уьш я цІийх а, я дегІан лаамца а, я стеган лаамца а хилла боцуш, Делах хилла бу. Делан бераш а, иблисан бераш а вовшах иштта къастало. Делан лаамехь мел воцург а, шен динан ваша цавезарг а Делан бер дац. Иштта вайна хаьа, Делан КІанта, ван а веана, кхетам ваьшна беллийла, билггал бакъволу Дела вайна вовзийтархьама. Ткъа вай, бакъволчу Делаца хилла а ца Іаш, Цо леррина къобалвинчу Цуьнан КІантаца Іийсаца а ду. Иза ву билггал бакъволу Дела а, бакъдолу дахар а!
Выбор основного перевода