Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Параллельные места
Македонера Сали а, Тимапи а схьавеача, ПахІала шен ерриг а хан хьехамаш беш дІахьора. Цо тоьшалла дора жуьгташна хьалха, Дала леррина Къобалвинарг Іийса ву бохуш. Шаьш Делах тешаш хиларна, аша дика гІуллакхаш дар а, аша безамца къахьегар а, вайн Везачу Эле, Дала леррина къобалвинчу Іийсага шу тешамца сатуьйсуш хилар а даим а вайн Да волчу Далла хьалха дагахь латтадо оха. Тхо, динан вежарий, дегнашца вовшах даьхна а доцуш, ткъа вай юьхь-дуьхьал ца хиларна йоццучу ханна вовшахдаьхна дара, цундела кхин а боккхачу деган лаамца шу ган гІертара тхо.
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода