Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Параллельные места
ПахІал хьалха Дербе а, юха Листаре а веара. Цигахь Іаш Іийсан мурд вара, Тимапи цІе а йолуш. Цуьнан нана Іийсах тешаш йолу жуьгти яра, ткъа да грек вара. Листарехь а, Иконехь а динан вежарша хаза дош олура Тимапих лаьцна. Гена новкъа волуш, иза шеца вига а лиъна, ПахІала Тимапи сунт вира. Цу меттехь Іаш болчу жуьгтийн дуьхьа дира цо иза, хІунда аьлча царна хаьара Тимапин да грек вуйла. Делан лаамца Дала леррина къобалвинчу Іийсан векал волчу ПахІала а, вайн динан вашас Тимапис а, Делан долахь йолчу, Іийсах тешачеран Коринтерачу тобане а, берриге Ахай-махкахула Іаш болчу массо а Делан долахь болчаьрга а яздо хІара кехат. Делан лаамца Цо леррина къобалвинчу Іийсан векал волчу ПахІала а, динан вашас Тимапис а яздо Иштта маршаллаш доуьйту шуьга ЮшаІа а. (Кхечу тайпана Юст олу цунах.) И кхоъ сунтбинчех ву. Уьш бен бац соьца Делан Олаллина лерина къахьоьгуш болу сунтбинарш. Сан чІогІа догъоьцура цара.
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода