Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Параллельные места
Везачу Дала кхоьллинчу акхарошна юкъахь уггаре а хІилла долуш лаьхьа бара. Цо оцу зудчуьнга элира: «Бакъ дуй и, хІокху бешара цхьанна а дитта тІера Дала шуьга стом ма баа аьлла бохург?» иблисе цхьана а тайпанчу мекарлонца шуна тІехь толам ца баккхийтархьама. Вайна-м цуьнан лаамаш бевзаш ма бу. Со вахара, Дала, цига со ваха веза аьлла, сайна схьадиллина дела. ТІаккха айса кхечу къаьмнашна юкъахь кхайкхош болу хаза кхаъ цигахь болчу динан вежаршна а бовзийтира аса. Амма аса иза, массо а халкъана юкъахь доцуш, шун керла векалш болчуха лелачарна юкъахь дІабовзийтира, айса хьалха дина а, хІинца до а гІуллакх эрна ца хилар хаархьама. дахар луш болу кхаъ царна дІа а кховдош, Дала леррина Къобалвинарг вогІучу дийнахь шух дозалла дан сан йиш хилийтархьама, хІунда аьлча тІаккха гур ду сан къовсадалар а, къахьегар а эрна ца хилар.
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода