Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Параллельные места
Ткъа хІинца, динан вежарий, Веза Эла волчу Іийсан дуьхьа, оха доккхачу дехарца доьху шуьга шаьш Далла хазахетарг дарна тІехь оха шайга дийцинчул а, кхин а сов кхиамаш аш бахар. Шуна вовшийн деза Дала Ша Іамийна, шуьга цунах лаьцна оха цхьа а хІума дийца оьшуш дац. ХІунда аьлча массо а Македон-махкара динан вежарий шуна баккъалла беза. Динан вежарий, шун вовшийн дезаш хилар кхин а чІагІдар тІедуьллу оха шуна. Суьпалла вежараллица а, вежаралла безамца а совдаккха. Сан хьоменаш! Вай вовшийн дезийла, хІунда аьлча безам Делера бу. ХІора шеца безам болуш верг Делах схьаваьлла ву, цунна Дела а вевза. Дела цхьанна а, цкъа а гина вац. Амма вайна вовшийн дезаш хилча, Дела Ша а вайца ву, ткъа вайна чохь Цуьнан безам а билггал буьззина бу.
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода