Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Параллельные места
ТІаккха динан вежарша ПахІал сихонца хІордан йисте дІавахийтира, ткъа Сали а, Тимапи а цигахь сецира. ПахІал новкъа воккхучара иза Атина-гІала дІавигира. Цуьнгара Салига а, Тимапига а дахьа кост а эцна, сиха цхьаьнакхетархьама новкъабевлира уьш. Сали а, Тимапи а схьаваре хьоьжуш, Атинехь холчохь вара ПахІал, хІунда аьлча гІала юьззина цІуш бара цунна гуш. Иза иштта хилча, суна, шу долчу а веана, шу гича, я кхечанхьа а волуш, шух лаьцна иштта хезар ду: уьш цхьаалла а йолуш, берриш а цхьаъ санна, хазачу кхоаца цхьаьнадогІучу тешарна къахьоьгуш бу. Цундела, шун Іийсах тешаран гІуллакх муха ду хаа лууш, шун ойла иблисо карчорна кхоьруш, вай хьегна къа эрна хиларна сагатдеш, аса шу долчу Тимапи вахийтинера.
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода