8
Шун Везачу Дала, шун дайшна ваІда ма-дарра, шун долахь болу мохк алсамбаьккхича, шун дайшка Ша йинчу чІагІоне хьаьжжина, Цо дерриге а латта шуна дІаделча, кхин а кхо гІала дІакъастае. (Дала и латта лур ду шуна, нагахь санна тахана ас тІедуьллуш долу хІара дерриге а весеташ аша леррина кхочушдахь – нагахь санна шун Веза Дела шуна везахь, шаьш мел деха Цуьнан некъашца шу лелахь.)