14
Шеца Ярушалаймехь волчу шен массо а ялхочуьнга Дауда элира: «ХьалагІовтта, девдда дІагІур ду вай. Вай иза ца дахь, Абушаламах кІелхьардовлалур дац вай. Сихлой, девдда дІадахийталаш вай. Иза схьа а кхаьчна, цо вай схьалацахь, вайна дукха зенаш хир ду, цо гІала а хІаллакйийр ю, адамаш а дойур ду».