Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
ТІевеана стаг ваца а ма ве, цунна ницкъ а ма бе, хІунда аьлча шу а дара Мисар-махкахь тІедаьхкина Іаш. Йисина Іачу зудчунна а, байшна а зе ма де. ТІевеана стаг шайн махкахь ваха охьахаахь, цунна ницкъ ма бе. ТІевеанчунна а, бона а нийса кхелъяр ма талхаделаш, ткъа йисинчу зудчун тІехулара бедар закъалтана схьа а ма эцалаш. Къечуьнгара иза атта хетарна хІума схьа а ма яккха, кхел ечу меттехь декъазачунна гІело а ма е. Хьан баьччанаш, дуьхьал а бевлла, къуйн декъахой хилла. Царна массарна а кхаьънаш деза, лучу хІуманна тІаьхьабевлла лела уьш. Кхелахошна хьалха байш ца лардо цара, йисина Іачу зудчун гІуллакх цара къаста ца до. церан догІмаш дазделла, уьш берстина. Цара дечу вон гІуллакхийн доза дац. Кхел ечу хенахь байшна нийсо ца кхочуьйту цара, ткъа къечу нехан бакъонаш цара лар ца йо. тІебаьхкина болчу нахана гІело а ца еш, байшна а, бисина Іаш болчу зударшна а гІело а ца еш, бехк боцучеран цІий а ца Іанош, шайна бала бахьар болчу харцделанашна тІаьхьа а ца хІуьттуш шу лелахь, Цо, тІера ял а йоккхуш, юхалург ахча а ца ло, ша вониг лелорах лар а во, къовсамашкахь нийсонца кхел а йо. Декъаза бу хьарамдерг дагалаьцнарш, шаьш Іохкучу меттахь зулам дан дагадеанарш. И зуламаш Іуьйранна сатосуш кхочушдо цара, шайн карахь ницкъ болу дела. Ва адам! ДІахаийтина-кх хьоьга диканиг хІун ду а, Везачу Эло хьоьга хоттун дерг хІун ду а. Иза ду – нийсонца лелар, тешаме хилар дезар, шен кІезигалла а хууш, хьайн Делаца лелар. Аша дан дезарш хІара гІуллакхаш ду: вовшашка бакъдерг дийца, кхел ечу шайн меттигашкахь бакъдолчуьнца гІуллакхаш къастаде, барт хилийтархьама. «Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „БоьалгІачу а, пхоьалгІачу а, ворхІалгІачу а, уьтталгІачу а беттан марханаш ЯхІудан халкъана хазахетаран а, даккхийдеран а денош хилла дІахІуьттур ду, амма бакъдерг а, машар а безалаш“. Къа ду шун, Іелам нах а, парушхой а. Шалхалла шайца ерш! Ялташ чудерзочу хенахь Іаждарбецан, цицан, оччаман уьтталгІа дакъа аша сагІина дІало, ткъа товрат-хьехамашкахь уггар чІогІа лоруш дерш – нийсо, къинхетам, тешаме хилар – шуна дицделла. Хьо цхьа хІуманаш лардеш волчу хенахь важа дицдан ца деза.
Выбор основного перевода