Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Везачу Эло шу массо а халкъашна юкъахь дІасадаржор ду. Везачу Эло шу дІалохкучу къаьмнашна юкъахь шух кІезиг бен дийна дуьсур дац. Хьо дІатесна а, ца езаш а, цхьа а хьуна чухула чекх а ца волуш хиларан метта, Ас йийр ю хьох гуттаренна а исбаьхьалла а, тІаьхьенашкара тІаьхьенашка хазахетар а долу гІала. Везачу Элан дералла, дарц санна, царна тІейогІуш ю, иза Іесачеран коьрта тІе, йилбазмох санна, южур ю. Иштта, Ас шаьш кхечу къаьмнашкахула дІаса а даржийча, кхечу мехкашкахула дІаса а кхийсича, царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла. Исраил-махкара долчу халкъе ахьа ала деза: „Хьалдолчу Эло Исраил-мехкан а, Ярушалайм-гІалин а бахархойх лаьцна иштта дуьйцу: ‘Цара шайн бепиг баланехь дуур ду, хи а гІайгІанца мер ду, хІунда аьлча церан махкахь дерриг а хІума дІадаьккхина хир ду, цара цу махкахь мел бехаш болчарна ницкъ бина дела. Везачу Эло боху: «Ас халкъаш хІаллакдина, церан чІагІонаш йохийна ю. Ас церан урамаш дассийна, хІинца цхьа а ца лела церан урамашкахула. Церан гІаланаш хІаллакйина, цхьа а адам дац, бахархой а бац.
Выбор основного перевода