Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Амма шеран ворхІалгІачу баттахь, шеца итт стаг а валош, паччахьан цІийнах схьаваьлла волу, Эли-ШамаІан кІентан Натан-ЯхІун кІант ИсмаьІал веара Гадал-ЯхІуна тІе. Цара Гадал-ЯхІуна чов йира, иза велира. Иштта Гадал-ЯхІуца цхьаьна МицІпа-гІалахь болу яхІудхой а, хашадхой а байира ИсмаьІала. Марха а кхобуш, аш девнаш доху, эгІа а оьгІу, иштта буйнаш детташ лета. Лакхахь шайн аз хазийтархьама, ца кхобу аш цу хенахь марха. Иштта дуй те Суна лууш долу марха, стага шена ницкъ бен а, маргІало санна, шен корта охьатаІабен а, шена кІел сингаттаман бедарш а, чим а туьйсу де? Цунах олу ахь марха долу а, Везачу Элана дезаш долу а де? ВорхІалгІачу баттахь Эли-ШамаІан кІентан Натан-ЯхІун кІант ИсмаьІал Ахьикхаман кІант Гадал-ЯхІу волчу веара. Иза МицІпа-гІала веара, шеца кхин итт стаг а волуш. ИсмаьІал паччахьан цІийнах вара, иза иштта паччахьан эскаран хьаькамех цхьаъ вара. Гадал-ЯхІуца цхьаьна иза а, цуьнца берш а хІума юуш Іийра. Везачу Элан Малико элира: «Массо а ницкъийн Веза Эла! Мел Іийр ву те Хьо оьгІазвахана, Ярушалайм-гІаланах а, ЯхІуд-мехкан гІаланех а къинхетам ца беш, Ахь царна таІзар дина кхузткъе итт шо даьллашехь?» «Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „БоьалгІачу а, пхоьалгІачу а, ворхІалгІачу а, уьтталгІачу а беттан марханаш ЯхІудан халкъана хазахетаран а, даккхийдеран а денош хилла дІахІуьттур ду, амма бакъдерг а, машар а безалаш“. Денош къесточо Везачу Элана къестадо уьш. Муьлхха а кхача бууш волчо Везачу Элан дуьхьа боу, хІунда аьлча цо баркалла олу Далла. Бууш воцучо а Везачу Элан дуьхьа ца боу, цо а Далла баркалла олу.
Выбор основного перевода