Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Ахьа цаьрга дІахьедора, Хьайн товрат-хьехамашна тІе юхадерза дезар дІахоуьйтуш, амма цара, кура а бевлла, Хьан весеташ дІатеттира. Ахьа тІедиллинчарна дуьхьал къинош летийра цара. Делахь а, уьш лардийриг церан гІоьнца вехар вара. Бухахьа а бевлла, Хьох дІа а бирзина, дегнаш чІагІ а дина, Хьоьга ла ца дуьйгІира цара. Хьуна дуккха а хІума гина, амма ахь церан тидам ца бина. Хьан лергаш схьадиллина дара, амма хьуна хІумма а ца хезна». „ЛадогІа, Іовдал, кхетам боцу къам. Шун бІаьргаш ду, амма шуна хІумма а ца го, шун лергаш ду, амма шуна хІумма а ца хеза. Шайн дай санна ма хилийша, хьалха дуьйна пайхамарша дехарш дина болу: ‹Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: юхадовла шайн зуламечу некъаш тІера а, шайн зуламечу гІуллакхашна тІера а›. Амма цара Соьга ла а ца дугІура, Ас бохуш долчун тергам а ца бора’“, – боху Везачу Эло. ТІаккха вуьш, лергаш дІа а къевлина, цІогІанашца, маьхьаршца цхьаьний тІелетира цунна. дуьхьал ма довлалаш, яьссачу арахь шаьш зуьйчу хенахь хамталла еш ма-хиллара.
Выбор основного перевода