Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
ТІаккха аса ойла йира: „ПІелаштамхой Галгала тІамца чубогІур бу, ткъа со хІинца а Деле орца даккхаза ву“. Цундела аса дийнаташ дагоран сагІа даьккхира». ЯхІудхойн паччахь волчу Хьузакх-ЯхІус а, ЯхІудан халкъо а вийрий Мика-ЯхІу? Хьузакх-ЯхІу Везачу Элана хьалха ларамах вуьзна ца хилла те, цо Веза Эла шена резахилийтар ца лехна те? Ткъа Везачу Эло, дохка а ваьлла, Ша царна бан аьлла болу бохам ца сацийна те? Ткъа вай ваьшна доккха зен дан кечделла“». Цхьана гІалин бахархоша, вукху гІалин бахархошна тІе а баьхкина, эр ду: ‘Дуьйло, Веза Эла вайца дика хилар деха а, массо а ницкъийн Веза Эла лаха а гІо вай. Со а воьду цига’, – аьлла. Дуккха а халкъаш а, ницкъ болу къаьмнаш а Ярушалайм-гІалина тІеоьхур ду, массо а ницкъийн Веза Эла лаха а, Цуьнга шайца дика хилар деха а“. «Цундела шайх къинхетам бар дехалаш Деле. Ткъа шуьгара ишттаниг долуш хилча, шу тІеэцалур дуй те Цуьнга, шуна дика а деш? – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. –
Выбор основного перевода